‏ 1 Samuel 7:5-9

5Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доӀанна тӀехь шу доьхур ду». 6Массо а исраилхой МицӀпа-гӀалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна».

Шамъал МицӀпа-гӀалахь царна юкъахь кхел еш вара.

7Шайна исраилхой МицӀпа-гӀалахь гулбеллийла хиъча, пӀелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тӀелата кечбелира. Иза шайна дӀахиъча, исраилхой чӀогӀа кхерабелира. 8Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доӀанна тӀехь, тхо пӀелаштамхойх кӀелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» – аьлла. 9Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Ӏахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира, Исраилан халкъана гӀо доьхуш. Цуьнан доӀа Везачу Элана дӀахезира.
Copyright information for CheCAC2012