‏ 1 Samuel 8

Халкъо паччахь воьху

1Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кӀентий Исраилан махкахь кхелахой бина дӀахӀиттийра. 2Воккхаха волчун цӀе Юал хилла, шолгӀачун цӀе Аби-ЯхӀу хилла. Уьш Беар-ШабаӀ цӀе йолчу гӀалахь кхелахой хилла. 3Амма Шамъалан кӀентий шайн дас дӀакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла. 4Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира. 5 aЦара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кӀентий ахьа схьабеанчу некъа тӀера галбевлла. Ахьа тхуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тӀехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тӀехь ма-дарра».

6Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дӀахӀоттаве алар. ТӀаккха иза Везачу Эле доӀа дан хӀоьттира. 7Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дӀатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тӀехь паччахьалла дойла. 8Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна гӀуллакх дан хӀиттира. Иштта гӀиллакх хьоьца а хӀоттийна цара. 9Цаьрга ла а догӀий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дӀахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дӀа а дуьйцуш».

10Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дӀахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга. 11Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. 12Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тӀехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тӀехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дӀахӀиттор бу, вуьш эскархойн гӀирс кечбеш, гӀудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. 13Паччахьо шун зудабераш дӀадуьгур ду, шена хаза хьожа йогӀу хьакхарш деш, яа хӀума кечъеш, бепиг доттуш гӀуллакх дайта. 14Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дӀа а яьхна, шен гонах болчарна дӀайоькъур ю. 15УьтталгӀа дакъа дӀадийначу лаьтта тӀера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дӀа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дӀалур ду. 16Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах
Кегий нах – цхьана ширачу тептар тӀехь: бежанаш.
а, варраш а – дерриге а паччахьо дӀадуьгур ду шена гӀуллакх дайта.
17Кегийрачу бежанех уьтталгӀа дакъа, дӀа а даьккхина, дӀадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. 18Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кӀелара дӀадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доӀанна жоп лур дац».

19Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза. 20ТӀаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тӀехь куьйгалла дийр ду, тӀемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву». 21Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, Везачу Эле иза дӀадийцира. 22Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогӀа деза! ДӀахӀоттаве царна тӀехь паччахь». ТӀаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хӀинца шайн-шайн гӀала дӀагӀо».
Copyright information for CheCAC2012