1 Samuel 9
Шамъалан Шаулаца вовшахкхетар
1Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кӀант хилла, ткъа Абуал Царарин кӀант хилла. Царар – Бахрутин кӀант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кӀант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цӀе яхана стаг хилла. 2Цуьнан, Шаул цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза кӀант хилла. Исраилан махкахь цул хаза цхьа а стаг ца хилла. Иза чӀогӀа лекха а хилла. Цунна гонах мел верг цуьнан белше бен кхочуш ца хилла. 3Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гӀой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». 4Уьш Эпраман лаьмнаш тӀехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаӀлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. 5Шаьш Цупин лаьтта тӀе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагӀо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта». 6Амма ялхочо цуьнга элира: «ХӀокху гӀалахь наха чӀогӀа лоруш а волуш Делан стаг ву Ӏаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара». 7Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гӀур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хӀума ма яц: тӀоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгӀат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хӀун лур ю?» 8Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгӀа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дӀалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву». 9(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гӀо вай», – хӀунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) 10Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ахьа дика боху. Воьду вайшиъ». Уьш Делан стаг волчу гӀала дӀабахара. 11ГӀала боьдучу новкъахула ирхехьа уьш хьалабовлуш, царна дуьхьал кхийтира хитӀе доьлхуш долу зудабераш. Цу шиммо цаьрга хаьттира: «Кхузахь Ӏаш вуй Делера дерг гуш волу стаг?» 12Цара, жоп луш, элира: «Иза шуна хьалха дӀавоьдуш ву. Сихлолаш, хӀунда аьлча иза тахана кхуза веана, наха хьуьлла гу тӀехь сагӀа доккхуш долу дела. 13Шаьшшиъ гӀала чукхаьчча, иза волчу гӀо, цу гу тӀехь доккхуш долчу сагӀанах кхетархьама дӀавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хӀума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагӀа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хӀума. Сихло, иза цига дӀавахаза хила а мега шуна». 14Уьш гӀала дӀабахара. ГӀали дӀакхаьчначул тӀаьхьа царна дуьхьалвогӀуш вара сагӀа доккхучу ваха араваьлла волу Шамъал. 15Шаул схьакхачале цхьа де хьалха Делера хаам хиллера Шамъале: 16«Кхана хӀоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тӀе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тӀе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хӀунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». 17Шаул гинчу Шамъале Везачу Эло элира: «ХӀара ву хьуна Аса хьоьга вийцинарг. Цунах Сан къомана куьйгалхо хир ву». 18Шамъал гӀалин кевнна тӀекхаьчча, Шаула, тӀе а вахана, цуьнга хаьттира: «Хиндерг гуш волчу стеган цӀа мичахь ду?» 19Шамъала цуьнга жоп делира: «Со ву Делера дерг гуш верг. Суна хьалха а валий, хьуьлларчу гуна тӀе хьалавала. Тахана соьца яа хӀума юур ю аша. Аса Ӏуьйранна дӀавохуьйтур ву хьо, хьан дагахь мел дерг хьоьга дӀа а эр ду. 20Кхо де хьалха яйна йолчу виркхелашна са ма гатде. Уьш схьакарийна. Хьо вуй те Исраилан халкъо воьхуш верг? ▼▼Я иштта: Исраилан махкахь уггар лууш дерг хьаьнга дала деза те?
Адам хьоьга а, хьан ден цӀийне а хьоьжуш ма ду». 21Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хӀунда боху?» 22Шаьш гу тӀе хьалабевллачул тӀаьхьа Шамъала Шауллий, цуьнан ялхой сов цӀа чу бехира, кхайкхина волчу ткъе итт стагана юкъахь хьалхара меттигаш царна дӀа а елира. 23Шамъала яа хӀума кечъеш волчуьнга элира: «Аса хьайга: „Хьо волчохь дӀадилла“, – аьлла долу жижиган дакъа схьада». 24Цо ша ма-дарра гӀогӀ схьа а деъна, Шаулна хьалха охьадиллира. Шамъала ▼▼Ширачу гочдаршкахь: Шамъала Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: цо.
элира: «ХӀара хьуна дитина ду. Хьайна хьалха охьа а диллий, даа и. Иза нах схьакхойкхучу хенахь хьуна леррина дитина дара». Цу дийнахь Шаул Шамъалца хӀума юуш Ӏийра. 25Гуна тӀера охьа а биссина, уьш гӀала схьабаьхкира. Шамъал Шаулаца тхов тӀехь дуккха а къамел деш Ӏийра ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: Тхов тӀехь мотт а биллина, Шаул дӀавижира.
. Шаул, паччахь хаьржина, къобалво
26Малх схьакхетачу хенахь уьш хьалагӀевттира. Шамъал Шауле тхов тӀе хьала кхайкхира: «Кечло, Аса новкъа воккхур ву хьо». Шаул, хьала а гӀаьттина, Шамъалца кертара аравелира. ГӀалин йисте кхаьчча, Шамъала Шауле элира: «Хьайн ялхочуьнга, вайна хьалха а валий, дӀаволало ала». Ялхо, хьалха а ваьлла, дӀаволавелира. «Ткъа хьо хӀинца саца. Аса хьуна хоуьйтур ду Дала сайга аьлларг».27
Copyright information for
CheCAC2012