1 Thessalonians 1
Маршалла
1 aПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешачийн Тассалник-гӀалара тобане. Делан дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.Тассалникахойн дахар а, Делах тешар а
2Тхайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тӀера даим Далла хастам бо оха. 3Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. 4Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна. 5Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара. 6 bДелан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна. 7Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Ӏийсах тешаш болчарна шух масал хилла. 8Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Ӏаш, массо а кхечу меттигашка а дӀасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хӀума дац. 9ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама. 10Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.
Copyright information for
CheCAC2012