1 Thessalonians 2
ПахӀала Тассалник-гӀалахь бина болх
1Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тӀедахкар эрна ца хилар. 2 aТкъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гӀалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гӀиртира. 3ХӀунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гӀертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хӀилла дар. 4Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. 5ХӀунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! 6Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха. 7Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кӀеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо ▼▼Шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо – кхечу тептарш тӀехь: шуна юкъахь, кегий бераш санна, Ӏийра тхо.
. 8Иштта тхо шух дӀаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Ӏаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дӀадала лиира тхуна. 9ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. 10Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара. 11Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха. 12Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хӀиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. 13Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тӀеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хӀара дош болх беш а ду. 14 cДинан вежарий, шу ЯхӀуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. 15 dВеза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах. 16Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кӀелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тӀехбоккху, амма Делан оьгӀазло эххар а тӀекхаьчна царна. ПахӀална тассалникахошка ван лаар
17Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гӀертара тхо. 18Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахӀал волу со цкъа а, шозза а гӀоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора. 19Ткъа мила ву хӀинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Ӏийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогӀуш, хиндерш? Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.20
Copyright information for
CheCAC2012