‏ 1 Thessalonians 4

Делан лаамехь долу дахар

1Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. 2Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа. 3Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто. 4Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а
Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто – я иштта: шен зудчуьнца муха Ӏан веза.
, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза.
5Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. 6Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. 7Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина. 8Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.

9Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац. 10ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна. 11Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. 12Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.

Веза Эла кху дуьнен чу юхаварах лаьцна

13Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна. 14Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша.

15 bВезачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. 16ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. 17Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. 18Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.
Copyright information for CheCAC2012