‏ 1 Thessalonians 5

Веза Эла схьаваре кечло

1Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац. 2Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де. 3«ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац. 4Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача. 5Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац. 6Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. 7ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. 8 aТкъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза. 9Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду. 10Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а. 11Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.

ТӀаьххьара а долу хьехарш а, маршаллаш а

12Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. 13Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.

14Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. 15Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.

16Гуттара а самукъане а хилалаш, 17даим а доӀанаш деш а хилалаш, 18массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.

19Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш. 20Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. 21Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. 22Муьлххачу а зуламах ларлолаш.

23Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла. 24ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.

25Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.

26Массо а динан вежаршка доггах
Доггах – ма-дарра аьлча: Беза барт баккхарца массо а динан вежаршка маршалла ло.
маршалла ло.

27Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна
Динан вежаршна – кхечу тептарш тӀехь: динан безачу вежаршна.
дешар.

28Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда
Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: Амин.
.
Copyright information for CheCAC2012