‏ 1 Thessalonians 3

1 aЦундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гӀалахь севцира тхо. 2 3Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. 4Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дӀахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира. 5Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера. 6 bТкъа хӀинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. 7Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна. 8Шу Везачу Элаца чӀагӀделла долу дела, тхо хӀинца ирсе деха. 9Шуна тӀера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо. 10Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доӀанаш дийр ду оха.

11Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка. 12Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла. 13Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.
Copyright information for CheCAC2012