1 Timothy 1
1Со, ПахӀал, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КӀелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а. 2 aХӀара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кӀант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.Харцхьехамех лардар
3Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. 4Къийсаршна тӀе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Ӏалашонна тӀе ца балабо уьш. 5ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо. 6Оцу хьехамашна тӀера дӀа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. 7Товрат-хьехаман Ӏелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух. 8Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь. 9И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Ӏедална муьтӀахь боцучарна, Ӏесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу. 10Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш. 11Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.Делан диканна хастам бар
12Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо. 13 bӀийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Ӏийсах ца тешаш а хилла дела. 14Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тӀеӀаьнна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна. 15«Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву. 16Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тӀехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тӀеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза. 17Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин. 18Хьехам бо ас хьуна, сан кӀант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тӀемалочо санна, къовсам латтабойла, 19хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хӀаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна. 20Ишттачех бу ХӀуьманай а, Искандар а. Ӏеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дӀабелла.
Copyright information for
CheCAC2012