‏ 1 Timothy 2

Ӏийсах тешначийн тобанашкахь Ӏибадат дар

1Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доӀанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, 2паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тӀера. Иштта доӀанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама. 3ХӀунда аьлча вайн КӀелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду. 4Цунна лаьа массо а адамаш кӀелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. 5Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву. 6Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дӀаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. 7 aКхечу къаьмнашна Ӏийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дӀахӀоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас.

8Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доӀанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доӀа деш болу уьш цӀена а, Далла тешаме а оьгӀазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза. 9 bИштта зударий а доӀа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхӀарех йина хӀуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. 10Амма уьш шайн дикачу гӀуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догӀуш ма-хиллара. 11Зуда Ӏемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтӀахь а хила еза. 12Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тӀехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза. 13 cХӀунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тӀаккха Хьава яра. 14 dӀехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Ӏеха а елла, зулам динера. 15Нагахь санна кхидӀа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цӀена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кӀелхьаръер ю иза.
Copyright information for CheCAC2012