‏ 1 Timothy 3

Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг

1Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду. 2 aӀийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. 3Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. 4Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза. 5Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш? 6Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. 7Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.

Динан куьйгалхойн гӀоьнчех лаьцна

8Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. 9Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш. 10Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга. 11Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а. 12Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза. 13Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан.

Дала йовзийтина йоккха къайле

14ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш. 15Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а. 16Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина,
Делан Сино бакъвина,
маликашна Иза гина,
къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна,
дуьненахь адамаш Цунах тешна,
сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.
Copyright information for CheCAC2012