1 Timothy 4
Харцхьехамчех лаьцна
1Делан Сино кхеттош схьабоху: тӀаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Ӏийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Ӏехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тӀаьхьахӀуьттур бу уьш. 2Харц а луьйш, шалхо лелочу нахера бу и хьехамаш. Ткъа цу нехан эхь-бехк дайна. 3Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. 4Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хӀума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тӀеоьцуш делахь, 5хӀунда аьлча Делан дашца а, вайн доӀанашца а иза Далла хьалха цӀанло.Дала леррина Къобалвинчун дика гӀуллакхдархо
6И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика гӀуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тӀаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. 7Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дӀататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чӀогӀа къахьега деза. 8ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо. 9И дош бакъ а ду, муьлххачу а агӀор тӀелаца хьакъ долуш а ду. 10Ваьш суьпа хилийтархьама, вай къахьоьгуш а, болх беш а ду. ХӀунда аьлча массо а адамийн, къаьсттина Ӏийсах тешаш болчеран, КӀелхьардохург волчу дийначу Делах вай теша. 11ХӀара хьехамаш адамашна дӀа а кхайкхабе, хьеха а хьеха. 12Цхьа а стаг хьан къоналлех ца вешаш ма хуьлийла. Ӏийсах тешачарна массарна а хьайх дика масал гайта айхьа дуьйцучуьнца, оьзда леларца, безамца, тешам хиларца, дог цӀена хиларца. 13Со хьо волчу дӀакхаччалц, нахана юкъахь Делан Йозанаш а доьшуш, Делан дош дӀа а кхайкхош, нахана хьеха а хьоьхуш, дикка хан яккха. 14Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза. 15И гӀуллакхаш а деш, яккха хьайн ерриг а хан, хьан кхиамаш массарна а гуш хилийтархьама. 16Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХӀара ас аьлла долу гӀуллакхаш даим а де, хӀунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кӀелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгӀуш берш а кӀелхьарбохур бу.
Copyright information for
CheCAC2012