1 Timothy 5
Ӏийсах тешаш болчу кхечаьрца муха лела веза
1Воккхачу стагана Ӏиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха. 2Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агӀор догцӀена хила цаьрца. 3Бисина Ӏаш болу зударий лара – царах билггал бисина Ӏаш берш боху ас. 4Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Ӏамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза. 5Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу. 6Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. 7Царна ала хӀума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш. 8Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву. 9Кхузткъа шарал тӀехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цӀарна тӀехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дӀаязйина йолу йисина зуда. 10Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло. 11Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло. 12Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дӀатеттина дела. 13Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгӀа эха а Ӏема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Ӏаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хӀуманна юкъа а гӀерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. 14Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гӀойла а, цара бераш дойла а. Шайн цӀа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Ӏан беза уьш. 15ХӀунда аьлча цхьаберш хӀинцале а иблисана тӀаьххье харц новкъа бевлла. 16Нагахь санна Ӏийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Ӏийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Ӏаш болчу зударшна оцу тобанан гӀо дан таро хилийтархьама. 17Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза. 18 aХӀунда аьлча Делан Йозано хӀара боху: «Оруш болчу стеран бага дӀа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догӀу алапа схьаэца хьакъ долуш ву». 19 bДинан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца. 20Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама. 21Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ. 22Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве. 23ХӀинца чул тӀаьхьа, деккъа хи а малий, ма Ӏе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дӀаялийта а жимма чагӀар мала. 24Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тӀаьхьо бен гучу ца довлу. Иштта дика гӀуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.25
Copyright information for
CheCAC2012