‏ 2 Chronicles 10

Къилбаседера тайпанаш карзахдахар

(Сулим 12:1-20)

1РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама. 2Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Ӏаш волу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, иза дӀахезча, цигара цӀа вирзира. 3Цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуӀам волчу дӀадахча, халкъо цуьнга элира: 4«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».

5РахьбуӀама цаьрга элира: «Кхо де дӀадаьлча, юхадуьйла суна тӀе». Халкъ дӀадахара.

6РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.

7Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».

8Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“»

10РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тӀедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу. 11Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».

12Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара. 13Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина, 14кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна». 15Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.

16 aМассо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догӀар шайна гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац!
Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай!
Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой.
Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!»

Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.
17Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.

18Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама. 19Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.
Copyright information for CheCAC2012