2 Chronicles 11
ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам
(Сулим 12:21-24)
1РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 2ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира: 3«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала: 4„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира.РахьбуӀама шен гӀаланаш чӀагӀйо
5РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо. 6Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а, 7Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а, 8Гати а, Мареша а, Зип а, 9Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а, 10ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра. 11Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама. 12ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.Динан дай а, левихой а Исраил-махкара ЯхӀуд-махка дӀабахар
13Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира. 14Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш. 15 aСагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама. 16Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама. 17ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.РахьбуӀаман доьзал
18Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо. 19Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим. 20Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна. 21МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна. 22Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам. 23Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо.
Copyright information for
CheCAC2012