2 Chronicles 12
Мисархой ЯхӀуд-махка чугӀортар
(Сулим 14:25-28)
1Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира. 2РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло. 3Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. 4ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх. 5ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“». 6Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!» 7Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла. 8Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама». 9 aЯрушалаймана тӀе а летта, Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀума дӀаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 10Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 11Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богӀура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш. 12РахьбуӀам къера хиларна, Везачу Элан оьгӀазло цунна тӀера дӀа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхӀуд-махкахь дика гӀуллакхаш хуьлура.РахьбуӀама паччахьалла динчу хенан жамӀ хӀоттор
13Иштта, Ярушалаймехь, чӀагӀвелла дӀа а хӀоьттина, паччахьалла дира РахьбуӀама. Иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цӀе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира РахьбуӀама. Цуьнан ненан цӀе яра НаӀмат. Иза Ӏамминхо яра. 14Шен дог Веза Эла лахарна тӀе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуӀама. 15РахьбуӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарлерчунна тӀекхаччалц, яздина ду ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Ӏиду-пайхамаран а тептарш тӀехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тӀехь. РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тӀом лаьттира. 16РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. РахьбуӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012