2 Chronicles 14
Аса-паччахьо хушахой эшабар
1Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Аса. Цо паччахьалла динчу заманчохь махкахь итт шарахь машар лаьттира. 2Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гӀуллакхаш дора. 3Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра. 4Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тӀедиллира Асас яхӀудхошна. 5Иштта массо а яхӀудхойн гӀаланашкахь кхиболчу деланашна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш а дӀаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра. 6ЯхӀуд-махкахь йолу гӀаланаш, чӀагӀйина, дӀахӀиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тӀом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела. 7Асас яхӀудхошка элира: «ХӀара гӀаланаш, дӀа а хӀиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тӀехь бӀаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тӀе гӀораш а дохкуш. ХӀара латта хӀинца а вайн долахь ду, хӀунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агӀор маршо а елла». Цара гӀаланаш а дӀахӀиттайора, церан кхиамаш а хуьлура. 8Аса-паччахьан иштта эскар дара: ЯхӀудан тайпанах карахь даккхий турсашший, гоьмукъашший долу кхо бӀе эзар тӀемало а, Бен-Яманан тайпанах карахь кегий турсаш долу а, пхерчий кхуьссуш волу а ши бӀе везткъа эзар тӀемало а. Уьш массо а майра тӀемалой бара. 9Царна тӀамца дуьхьалвелира хушахо волу Зерахь. Цуьнан эзарнашкахь-эзарнаш болу тӀемалой а, кхо бӀе гӀудалкх а яра. Иза Мареша-гӀала кхаччалц дӀавахара. 10Аса-паччахьо, тӀамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гӀалина уллорачу Цепата олучу тогӀи чохь дӀахӀоттийра. 11Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гӀорасиза волчунна гӀо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гӀо дехьа тхуна, хӀунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цӀарах хӀокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». 12Асина а, яхӀудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира. 13Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГӀарар-гӀала кхаччалц царна тӀаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хӀоттал дукха бара хушахойх хӀаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхӀудхоша шайна шортта хӀонс яьккхира. 14Иштта ГӀарарна гонах йолу гӀаланаш а йохийра цара, хӀунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тӀе. Оцу массо а гӀаланашкара хӀонс араяьккхира цара, хӀунда аьлча царна чохь дуккха а хӀума яра. 15ЖаӀуйн четаршна тӀе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.
Copyright information for
CheCAC2012