2 Chronicles 15
Аса-паччахьо дина юхаметтахӀиттораш
1Ӏудадан кӀантана Ӏазар-ЯхӀуна тӀе Делан Са доьссира. 2Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду. 3Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. 4Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тӀебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура. 5Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хӀунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара. 6Халкъаш вовшашна тӀелетара, гӀаланаш вовшашна тӀегӀертара, хӀунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тӀе а бахкийтина, адамаш гӀайгӀане хьийзара. 7Амма шу чӀагӀ а лойла, шун куьйгаш гӀел а ма лойла, хӀунда аьлча аша динчу гӀуллакхашна ял лур ю шуна». 8И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча... Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: Пайхамар волчу Ӏудадан кӀанта Ӏазар-ЯхӀус аьлла и дешнаш а, цуьнга Дала бина хаам а шена дӀахезча...
, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас. 9Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. 10Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира. 11Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь. 12Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. 13Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь. 14Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара. 15Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло. 16Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо. 17Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса. 18Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо. 19Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара.
Copyright information for
CheCAC2012