2 Chronicles 18
Ахьаб-паччахь а, Мика-ЯхӀу-пайхамар а
(Сулим 22:1-28)
1ЯхӀушаптин дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо. 2Масех шо даьлча, ЯхӀушапти Шамран-гӀала Ахьабана тӀевахара. ЯхӀушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхӀушапти шегахьа ваккха гӀоьртира, иза шеца цхьаьна ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀалина тӀелатийтархьама. 3Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхӀудхойн паччахье ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догӀур ду тхо хьоьца тӀаме!» 4ЯхӀушаптис кхидӀа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа». 5Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца даха дезий те тхо, я ца деза те?» Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». 6ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». 7Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис. 8ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола». 9Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 10КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 11Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». 12Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». 13Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дӀаэриг хиларх». 14Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна». 15ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?» 16 aТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, берриг а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“». 17Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» 18ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 19Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тӀеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадарчу Рамат-гӀала а вахийтина, цигахь хӀаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“. 20ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 21Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“. 22Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бина!» 23ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?» 24Мика-ЯхӀус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». 25Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар, схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 26Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“». 27Мика-ЯхӀус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугӀийла аса аьллачуьнга!»Ахьаб-паччахьан валар
(Сулим 22:29-35)
28Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 29Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо. 30Арамхойн паччахьо шен тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 31ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхӀушаптина тӀелатархьама, цунна го бира. ЯхӀушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гӀо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, 32хӀунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 33Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина». 34Амма цу дерриг а дийнахь тӀом чӀогӀа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тӀеяллалц шен гӀудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.
Copyright information for
CheCAC2012