‏ 2 Chronicles 19

ЯхӀус ЯхӀушаптина бина тӀехтохам

1ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти шен цӀа Ярушалайме маьрша юхавоьрзуш вара. 2Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кӀант ЯхӀу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Ӏесачу нахана гӀо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгӀазло йина хьуна. 3Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хӀунда аьлча, ЯхӀуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тӀедерзийна ахьа».

ЯхӀушаптис дина юхаметтахӀиттораш

4ЯхӀушапти Ярушалаймехь Ӏаш вара. Юха а, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Эпрайм-лома тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен халкъана тӀе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тӀеберзорна кхайкхам бора цо. 5ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу хӀора а гӀали чохь кхелахой дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. 6Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хӀун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гӀуллакх тӀехь Иза шуьца ву. 7Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хӀун ду а хьожуш делаш, хӀунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».

8Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис
Грекийн гочдар тӀехь: ...гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. Ӏебархойн тептар тӀехь: ...адамийн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. Ткъа шаьш Ярушалайме юхабирзира уьш.
.
9Царна тӀе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг. 10Шайн гӀаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тӀедеанчу муьлххачу а къовсамечу гӀуллакх тӀехь, иза цӀий Ӏанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тӀедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гӀуллакхаш де, тӀаккха аша къилахь дерг дийр дац. 11Коьрта динан да волу Ӏамар-ЯхӀу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гӀуллакхна тӀехӀоттийна ву. Ткъа ЯхӀудан тайпанан баьчча волу ИсмаьӀалан кӀант Забди-ЯхӀу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гӀуллакхна тӀехьажа хӀоттийна ву. Иштта левихой оцу гӀуллакхашна тӀехь гӀодийраш хир бу шун. ЧӀагӀдаларца кхочушде шайна тӀедиллина гӀуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».
Copyright information for CheCAC2012