2 Chronicles 21
1ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀурам
(ТӀаьххьарнаш 8:17-24)
2ЯхӀушаптин кӀентий болу Ӏазар-ЯхӀу, Яхьиал, Закри-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, Микаал, Шапат-ЯхӀу ЯхӀураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан ▼▼Исраилхойн паччахь – билггал аьлча, ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь вара. ХӀокху тептаран цхьайолчу меттигашкахь «яхӀудхой» бохучу дешан метта юкъара долу «исраилхой» боху дош леладо.
ЯхӀушаптин кӀентий бара. 3Дас царна даккхий совгӀаташ динера, дети а, деши а, деза тӀулгаш а луш. Иштта ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхӀураме деллера, иза шен дуьххьарлера кӀант волу дела. 4Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхӀурам чӀагӀвелла дӀахӀоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо. 5ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 6Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 7 bДелахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цӀа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло. 8 cЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 9ЯхӀурам шен ерриге гӀудалкхашца а, шен тӀеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀехь болчу церан хьаькамашна а тӀелетира. 10Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера, хӀунда аьлча ЯхӀурама шен дайн Дела волу Веза Эла дӀатеснера. 11ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо. 12ЯхӀураме Эли-ЯхӀу-пайхамарера кехат деара. Цу тӀехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхӀушаптин а, яхӀудхойн паччахьан Асин а некъа тӀе валаран метта, 13ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тӀе а ваьлла, яхӀудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цӀийно халкъ цӀушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цӀенна тӀера хьайл гӀолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа. 14И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кӀенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а. 15Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“». 16Иштта Везачу Эло пӀелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Ӏаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхӀурамна дуьхьал бахархьама. 17Цара, яхӀудхошна тӀе а гӀоьртина, чу а бахана, паччахьан цӀера, массо а хӀума дӀа а эцна, ЯхӀураман кӀентий а, зударий а дӀабигира. Цуьнан кӀентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхӀу воцург, кӀант ца висира ЯхӀураман. 18Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло. 19Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кӀелвитира иза. Ткъа шолгӀа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хӀума цунах дӀакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхӀурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхӀурамна лерина йоккха цӀе ца латийра халкъо. 20ЯхӀурам паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дӀакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза.
Copyright information for
CheCAC2012