aАрадаккхар 30:11-16.

‏ 2 Chronicles 24

ЯхӀудхойн паччахь Юаш

(ТӀаьххьарнаш 12:1-16)

1Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра. 2Динан да ЯхӀу-ЯдаӀ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3ЯхӀу-ЯдаӀа Юашана ши зуда ялийра. Цара кӀентий а, йоӀарий а бира цунна.

4Цул тӀаьхьа Везачу Элан цӀа карладаккхар дагатесира Юашана. 5Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхӀуд-махкахь бехачу исраилхошкара хӀора шарахь шайн Делан цӀенна лерина дети схьагулде. Оцу гӀуллакхан сихо а е». Амма левихой и гӀуллакх кхочушдан сих ца белира. 6 aТӀаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхӀу-ЯдаӀ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хӀунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тӀедиллина долу гуламан цӀенна лерина ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогӀу ял схьаэцар?»

7ХӀунда аьлча оцу Ӏесачу Ӏатал-ЯхӀус а, цуьнан кӀенташа а, Делан цӀа чу а лилхина, даздина долу массо а хӀума БаӀал-харцделанашна Ӏамал ярна дӀаделлера.

8Паччахьан омрица цхьа гӀутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цӀийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира. 9ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тӀедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дӀакхайкхийра. 10Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тӀеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гӀутакх чу, иза хьаладуззалц. 11И гӀутакх левихошкахула паччахьан гӀуллакх деш болчарна тӀекхоьхьура. ТӀаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогӀий, и ахча дӀаоьцура. Ткъа гӀутакх, дӀа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хӀора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора.

12Паччахьо а, ЯхӀу-ЯдаӀа а и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран белхаш тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара тӀулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тӀелоцура, цаьрга Везачу Элан цӀа чӀагӀдайтархьама. Иштта аьчка а, цӀестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цӀа чӀагӀдархьама. 13И белхаш кхочушбеш болчара чӀогӀа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахӀоттош беш болу болх кхиамца дӀа а боьдура. Делан цӀа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахӀоттийра, иза кхин а чӀагӀ а деш. 14Дерриге а гӀуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхӀу-ЯдаӀе а дӀаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цӀа чу дӀахӀитто пхьегӀаш яйтира. Иштта Везачу Элана гӀуллакх дан лерина пхьегӀаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна лерина пхьегӀаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегӀаш яйтира.

Юашан юхавалар а, арамхой тӀелатар а

ЯхӀу-ЯдаӀ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цӀийнан кертахь хӀора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура.
15ЯхӀу-ЯдаӀ, къан а велла, тоъал дуьне а диъна, велира. Иза лечу хенахь, цуьнан цхьа бӀе ткъе итт шо дара. 16Иза паччахьашна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира, цо Исраил-махкахь Далла а, Цуьнан цӀенна а лерина дина дика бахьана долуш.

17Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀ велча, яхӀудхойн элий, тӀе а баьхкина, паччахьна хьалха лохха охьатаьӀира. ТӀаккха паччахь цара бохучунна тӀетайра. 18Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа дӀатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бӀогӀамна а, цӀушна а Ӏибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна. 19Везачу Эло пайхамарш бохуьйтура оцу нахана тӀе, уьш Шегахьа схьаберзийтархьама. Пайхамарша халкъе дӀахьедар дора, амма халкъо цаьрга ла ца дугӀура. 20 bЮха динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀантана Закри-ЯхӀуна тӀе доьссинчу Делан Синан ницкъо дӀахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дӀа а хӀоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХӀунда довлу шу Везачу Эло тӀедиллинчунна тӀера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дӀатасаре терра, Цо а дӀатосур ду шу“». 21Цара, Закри-ЯхӀуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цӀийнан кертахь цунна тӀе тӀулгаш кхиссира. 22Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхӀун дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена дина долу дика. ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант вийра цо. Закри-ЯхӀус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хӀара дӀа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!»

Юаша динчу паччахьаллин чаккхе

23Керла шо дӀадоладелча, арамхойн эскар, Юашана дуьхьал а даьлла, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а чудеара. Цара халкъана юкъара мехкан баьччанаш хӀаллакбира. Иштта цаьргара шаьш схьаяьккхина хӀонс Дамасакхе паччахьна дӀаяхьийтира. 24Арамхойн эскарехь дукха адам ца хиллехь а, Везачу Эло церан кара дӀаделлера дикка ницкъ болу эскар. Юашана кхел йинера, яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела.

25ЧӀогӀа чов хилла волу Юаш Ӏад а витина, арамхой дӀабахара. Ткъа динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна
Грекийн гочдар тӀехь: ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант верна. Ӏебархойн тептар тӀехь: ЯхӀу-ЯдаӀан кӀентий берна.
, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Ӏуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира.
26Юашана дуьхьал барт бинарш бара: Ӏамминхо йолчу ШимӀатан кӀант Забад а, муабахо йолчу Шимратан кӀант ЯхӀу-Забди а. 27Юашан кӀентех а, цунна дуьхьал дукхазза а аьлла хиллачу Делера хаамех а, Делан цӀа юхаметтахӀотторах а лаьцна долчух яздина ду Паччахьийн тептаран хьехам тӀехь. Юашан метта цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу паччахь хилла дӀахӀоьттира.
Copyright information for CheCAC2012