‏ 2 Chronicles 25

ЯхӀудхойн паччахь Амци-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 14:2-6)

1Амци-ЯхӀун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 2Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза. 3Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира. 4 aАмма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».

Эдом-махкаца бина тӀом

(ТӀаьххьарнаш 14:7)

5Амци-ЯхӀус, яхӀудхой схьа а гулбина, ЯхӀуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бӀеннийн а куьйгалхойн кара дӀабелира. ТӀаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бӀе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тӀемалой карийра цунна. 6Исраилхошна юкъара, ши бӀе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бӀе эзар тӀемало а лецира Амци-ЯхӀус. 7Эццахь Амци-ЯхӀу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хӀунда аьлча оцу Эпрайман кӀентий болчу исраилхошца Веза Эла вац. 8Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тӀом бахь а, Дала хьан мостагӀашна хьалха вожор ву хьо, хӀунда аьлча Делехь бу хьуна гӀо дан а, хьо вожо а ницкъ».

9Амци-ЯхӀус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бӀе пунт детих хӀун дан деза аса?»

Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а».
10Амци-ЯхӀус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дӀакъастийра, иза шен цӀа дӀадахийтархьама. ТӀаккха, яхӀудхошна чӀогӀа оьгӀаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цӀа дӀабахара.

11Ткъа Амци-ЯхӀус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогӀи олучу метте дигира. Цигахь СеӀир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хӀаллаквира цо. 12Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тӀера чукхиссира яхӀудхоша. Берриш а, атабелла, дӀабевлира уьш.

13Ткъа Амци-ЯхӀус, шеца тӀаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхӀуд-махкахь Шамран-гӀалара дуьйна Байт-Хьорон-гӀалина тӀекхаччалц йолу меттигаш яссийна дӀаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хӀонс дӀаяьхьира цара.

14Эдомхошна тӀехь толам а баьккхина, Амци-ЯхӀус СеӀир-лаьмнийн бахархойн цӀу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дӀахӀиттийра. Цо царна Ӏибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 15Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Амци-ЯхӀуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тӀе. Пайхамаро Амци-ЯхӀуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кӀелара дӀа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хӀунда волу те хьо?»

16Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хӀоттийна? ДӀасаца, хьо ца вейтархьама».

Пайхамаро, дӀа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гӀуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догӀарна а Дала хьо вен сацам бинийла».

Исраил-махкаца бина тӀом

(ТӀаьххьарнаш 14:8-20)

17ЯхӀудхойн паччахьо Амци-ЯхӀус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира, иштта дӀаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ». 18Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. 19Ахьа боху: „Аса эдомхошна тӀехь толам баьккхина“. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».

20Амма Амци-ЯхӀус шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, хӀунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхӀуашан кара дӀабалархьама. 21ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 22Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. 23Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, иза Ярушалайме дӀа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 24Делан цӀа чуьра Ӏабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегӀаш дӀаяьхьира ЯхӀуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хӀуманаш а дӀа а хьош, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.

25ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. 26Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 27Амци-ЯхӀу Везачу Элах дӀавирзинчул тӀаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. 28Амци-ЯхӀун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дӀабоьхкинчу ЯхӀуд-мехкан коьртачу гӀалахь дӀадоьллира.
Copyright information for CheCAC2012