bАрадаккхар 30:7, 8; Лелар 3:10.
2 Chronicles 26
ЯхӀудхойн паччахь Ӏузи-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 14:21, 22; 15:1-7)
1ТӀаккха яхӀудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу ▼▼Ӏузи-ЯхӀу – кхечу тептарш тӀехь иза кхин а Ӏазар-ЯхӀу цӀе йолуш ву.
, шен ден метта, паччахь а вина, дӀахӀоттийра. 2Ӏузи-ЯхӀу вара шен да Амци-ЯхӀу-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа, Элат-гӀала метта а хӀоттийна, иза ЯхӀудан халкъана юхаерзийнарг. 3Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. 4Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 5Деле болчу ларамах дуьзна хила дезар хьехна волу Закри-ЯхӀу волчу заманахь Ӏузи-ЯхӀу Дела лоьхуш лелара. Везачу Элехьа вирзина иза мел лела, Дала цуьнан аьтто болуьйтура. 6Ӏузи-ЯхӀус, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бира. Гати-гӀалин а, Ябни-гӀалин а, Ашдод-гӀалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пӀелаштамхой бехачохь а гӀаланаш дӀахӀиттийра цо. 7ПӀелаштамхошна а, Гур-БаӀалехь бехачу Ӏаьрбихошна а, маӀунхошна а дуьхьал тӀом бан гӀо дора Дала Ӏузи-ЯхӀуна. 8Ӏамминхоша Ӏузи-ЯхӀуна ял лора. Мисар-мехкан дозанна тӀекхаччалц а цӀе яханера цуьнан, хӀунда аьлча иза дикка ницкъ болуш дӀахӀоьттинера. 9Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогӀин кевнна тӀехь а, АгӀонна тӀехь долчу кевнна тӀехула а бӀаьвнаш яйтира Ӏузи-ЯхӀус. ТӀаккха и бӀаьвнаш чӀагӀъяйтира цо. 10Яьссачу аренгахь а бӀаьвнаш дӀахӀиттийра цо. Иштта дуккха а гӀунаш яхийтира цо, хӀунда аьлча дуккха а жаш а, бажанаш а дара цуьнан акъарешкахь а, шерачу аренгахь а. Лаьмнашкахь а, Кармал-лома тӀехь а латталелорхой а, кемсашлелорхой а бара Ӏузи-ЯхӀун, цунна латта дукхадезарна. 11Ӏузи-ЯхӀун доккха эскар дара. Иза цхьацца эскаран тобанашца тӀаме арадолура. Уьш, багар а бина, тептар тӀехь дӀаязбинера йозанча волчу ЯӀиала а, тхьамда волчу МаӀсей-ЯхӀус а. И шиъ паччахьан хьаькамех цхьаъ волчу Хьанан-ЯхӀун куьйга кӀел лелара. 12Эскаран тӀемалошна тӀехь хӀоттийна доьзалийн хьаькамаш бара. Уьш верриге а ши эзар ялх бӀе стаг вара. 13Доьзалийн оцу хьаькамийн куьйгаллехь эскар дара, мостагӀчунна дуьхьал тӀом бечу хенахь паччахьна гӀо дан. Эскарна чувогӀура тӀом балуш волу а, доьналла долу а кхо бӀе ворхӀ эзар пхи бӀе стаг. 14Оцу дерриге а эскарна лерина Ӏузи-ЯхӀус тӀеман гӀирс кечбайтира: турсаш, гоьмукъаш, гӀемаш, гӀаьгӀнаш, секхаӀедаш, ширдолаган тӀулгаш. 15Ярушалаймехь говзаллица бина гӀирсаш байтира цо. Уьш гӀалин пенан бӀаьвнаш тӀехь а, сенаш тӀехь а дӀахӀиттийнера, пхерчий а, даккхий тӀулгаш а кхиссархьама. Цуьнан цӀе геннарчу мехкашкахь а йоккхура, хӀунда аьлча, тамашийначу тайпана гӀо а хилла, ницкъ болуш дӀахӀоьттинера иза. Кураваларна Ӏузи-ЯхӀуна дина таӀзар
16Ша ницкъ а болуш дӀахӀоьттича, Ӏузи-ЯхӀун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хӀунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цӀа чу, цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀума ягорхьама. 17Динан да Ӏазар-ЯхӀу а, цуьнца Везачу Элан тоьлла волу везткъа динан да а вахара паччахьна тӀаьхьахӀоьттина. 18 bЦара, Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дуьхьало а йина, цуьнга элира: «Ӏузи-ЯхӀу, ахьа яго ца еза Везачу Элана лерина хаза хьожа йогӀу хӀума. Иза оцу гӀуллакхна къобалвинчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайн гӀуллакх ду. Аравала Делан цӀа чуьра, хӀунда аьлча ахьа къа латийна, ткъа иза Везачу Элана гергахь хьан сийнна хир дац». 19Ӏузи-ЯхӀу чӀогӀа оьгӀазвахара. Ткъа цуьнан карахь яра хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу пхьегӀа. ТӀаккха, иза динан дайшна оьгӀазвахча, цуьнан хьаж тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар гучуелира. Иза хилира динан дайшна хьалххахь, Везачу Элан цӀа чохь, хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана уллохь. 20Коьрта динан да волу Ӏазар-ЯхӀу а, берриге а динан дай а Ӏузи-ЯхӀуга дӀахьаьжча, царна цуьнан хьаж тӀе даьлла чкъуран цамгаран даӀ гира. Цара паччахь араваккха хьовзийра, ткъа иза-м ша а вара аравала сихвелла, шена Везачу Эло таӀзар дина дела. 21Ша велла дӀаваллалц и цамгар текхира Ӏузи-ЯхӀус. Везачу Элан цӀийнах дӀа а къастийна, къаьсттина лаьттачу цӀа чохь Ӏийра иза. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь куьйгалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора. 22Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро. 23 cӀузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза паччахьийн къуббанийн аренгахь дӀавоьллира, хӀунда аьлча цунах лаьцна олура: «Цунна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетта». Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.
Copyright information for
CheCAC2012