2 Chronicles 28
ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 16:1-4)
1Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. 2Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаӀал-харцдалла Ӏибадат дарна а цӀуш боттийтира цо. 3Бен-ХӀинам-тогӀи чохь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайойтура, шен кӀентий цӀерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а лелош. 4Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.ЯхӀудхоша Сирин а, Исраилан а мехкашца бина тӀом
(ТӀаьххьарнаш 16:5)
5 aЦу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дӀавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. Дуккха а яхӀудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дӀабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дӀавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тӀехь. 6ЯхӀудхойн доьналла долу цхьа бӀе ткъа эзар тӀемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис. Иза хилира яхӀудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дӀатесна дела. 7Ткъа эпраймхойн тӀемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кӀант МаӀсей-ЯхӀу а, паччахьан цӀентӀехь хьаькам волу Ӏазрикхам а, паччахьал тӀаьхьа шолгӀаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. 8Шайн вежарий болчу яхӀудхойн ши бӀе эзар зуда а, кӀентий а, йоӀарий а, йийсар а дина, дӀабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хӀонс а яьккхина, Шамран-гӀала дӀаяхьийтира цара.Ӏудад-пайхамар
9Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цӀе Ӏудад яра. Шамран-гӀала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгӀазвахханчохь яхӀудхой шун кара дӀабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна. 10ХӀинца яхӀудхой а, ярушалаймхой а, дӀа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна? 11Аша, соьга ла а догӀий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхӀудхой юхаберзабе, хӀунда аьлча Везачу Элан чӀогӀа дералла ю шуна тӀехь». 12ТӀаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тӀамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхӀу-Хьанин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Машли-МутӀин кӀант Берех-ЯхӀу, Шалуман кӀант Яхьизакх-ЯхӀу, Хьадлайн кӀант Ӏамасаъ. 13Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хӀунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тӀетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тӀехь Везачу Элан чӀогӀа йолу дералла хиллал хӀинцале а боккха бехк бу вайна тӀехь». 14ТӀаккха тӀемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хӀонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дӀаелира. 15ЦӀераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хӀонсана юкъара схьаэцна бедарш а тӀеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гӀора доцурш берриш а, варрашна тӀе а ховшийна, шех хурма-диттийн гӀала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дӀахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гӀала юхабирзира уьш.Ахьаза Ашур-мехкан паччахье гӀо дехар
(ТӀаьххьарнаш 16:7-9)
16Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна ▼▼Цхьана Ӏебархойн тептар тӀехь а, грекийн гочдар тӀехь а: Ашур-мехкан паччахьна тӀе. Вукху Ӏебархойн тептаршна тӀехь: Ашур-мехкан паччахьашна тӀе.
тӀе геланчаш бахийтира, шена гӀо доьхуш, 17хӀунда аьлча эдомхоша цул тӀаьхьа, схьа а богӀий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. 18ЯхӀуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гӀаланашна тӀелетира пӀелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. 19ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхӀудан халкъ, хӀунда аьлча иза, ЯхӀуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чӀогӀа тешаме воцуш лелара. 20Ашурхойн паччахь ТилгӀат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гӀо хиларан метта, бале велира иза цунна. 21ХӀунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а, элашкара а еза хӀуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дӀаелира, амма и шадерг гӀоьнна ца хилира цунна. Ахьазан къинош
22Ур-атталла ша холчу хӀоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидӀа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара. 23Шена тӀехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагӀанаш дохура Ахьаза, хӀунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гӀо дина хилча, аса а дохур ду царна сагӀанаш, цаьрга сайна гӀо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. 24Делан цӀа чуьра пхьегӀаш дӀа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьӀӀехь сагӀа доккху меттигаш йира цо. 25ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахь кхечу деланашна сагӀа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо. 26Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь. 27 cТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Ярушалайм-гӀалахь дӀавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дӀа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Яхьизакх-ЯхӀу ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Яхьизакх-ЯхӀу. Иза «Хьузакх-ЯхӀун» кхин цӀе ю.
.
Copyright information for
CheCAC2012