2 Chronicles 3
1 aЯрушалаймерчу Мори-лам тӀехь Везачу Элан цӀа дан долийра Сулима. Оцу лома тӀехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхӀоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. 2Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгӀачу шеран шолгӀачу беттан шолгӀачу дийнахь. 3Сулима деш долчу Делан цӀийнан бух иштта бара: бахалла – кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла – ткъа дол. 4ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера. 5ГӀишлон коьрта цӀа баганан дечигах дина дара, тӀехула деши а дуьллуш. Цу дешин тӀехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зӀенийн а суьрташ дехкира. 6ТӀаккха, куц а доккхуш, тӀехула деза тӀулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара. 7ЦӀенна а, цуьнан ханнашна а, неӀсагӀанашна а, пенашна а, корашна а, неӀаршна а тӀехула деши диллира, ткъа пенаш тӀехь каруб-маликийн суьрташ дехкира. 8 bВезачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши. 9Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамал яра.
деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира. 10 dВезачу Элан цӀийнан уггаре а дезачу цӀа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тӀе деши а дуьллуьйтуш. 11Каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тӀам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тӀам вукху каруб-маликан тӀомах хьакхалора. 12Оццу барамехь болу шолгӀачу каруб-маликан цхьа тӀам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тӀемаш цӀенна юккъехь вовшахкхетара. 13Оцу каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тӀехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цӀийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тӀе ерзийна яра. 14 eИштта сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а басахь долчу кӀадих а, дуткъачу кӀадих а кирхьа дайтира цо, цу тӀехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш. ЦӀестан ши бӀогӀам
(Сулим 7:15-22)
15Везачу Элан цӀенна хьалха цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттабайтира паччахьо. ХӀора бӀогӀаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бӀогӀаман буьххье дилла цӀастанах ши таж доьттира. Церан хӀораннан а лакхалла пхиппа дол яра. 16Юьйцина зӀенаш а яйтира цо, уьш шина бӀогӀамна тӀе а йохкуьйтуш. Царна тӀе, куц а доккхуш, наран цхьа бӀе стоьман сурт диллийтира. 17ТӀаккха и бӀогӀамаш Везачу Элан цӀенна хьалха дӀахӀиттабайтира: цхьа бӀогӀам аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. Аьтту агӀор дӀахӀоттийначунна, «Якин» аьлла, цӀе тиллира (иза «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Аьрру агӀор дӀахӀоттийначух «БоӀаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).
Copyright information for
CheCAC2012