‏ 2 Chronicles 31

Хьузакх-ЯхӀус дина юхаметтахӀиттораш

1И дерриге а чекхдаьллачул тӀаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхӀудхойн гӀаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра, тӀехь сагӀа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тӀаьхьа берриге а исраилхой шайн гӀаланашка, шайн хӀусамашка юхабирзира.

2Динан дай а, левихой а, шаьш дӀахӀиттабаре терра, шайн-шайн рогӀехь, хӀора а шен гӀуллакх дан дӀахӀоттийра Хьузакх-ЯхӀус. Царна тӀедехкинчу гӀуллакхашна юкъадогӀура: дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дахар а, Везачу Элана гӀуллакх дар а, Далла баркаллаш бахар а, Веза Эла Ӏаш йолчу меттиган кевнашкахь Цунна хастамийн иллеш алар а. 3 aПаччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Ӏуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагӀанаш дахарна а.

4 bЯрушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тӀедиллира динан дайшна а, левихошна а догӀуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дӀадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тӀедерза а ца дезаш. 5Паччахьан омра дӀакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагӀарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хӀума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгӀа дакъа а деара цара. 6ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхӀудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгӀа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагӀина гулдинчух а уьтталгӀа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хӀума гулделира. 7И гӀуллакх, шеран кхоалгӀачу баттахь дола а дина, ворхӀалгӀачу баттахь чекхдаьккхира цара. 8Хьузакх-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хӀума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара. 9Хьузакх-ЯхӀус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хӀуманах лаьцна хаттар дира. 10ТӀаккха ЦӀадукъин тӀаьхьенах волчу коьртачу динан дас Ӏазар-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Элан цӀа долчу тхайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хӀума а йоу, кхин дуккха а хӀума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хӀума а дисина».

11Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан кертахь кхин а тӀаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, 12совгӀаташ а, уьтталгӀа дакъош а, Далла дӀакъастийна сагӀанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хӀуманна тӀехьожуш хьаькам хӀоттийра левихо волу Ханан-ЯхӀу. Ткъа Ханан-ЯхӀун ваша ШамаӀи цунна гӀо деш шолгӀаниг хӀоттийра. 13Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ӏазар-ЯхӀус а тӀедилларца Ханан-ЯхӀун а, ШамаӀин а куьйга кӀел оцу хӀуманийн дола дан дӀахӀоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхӀу, Нахьати, ӀасахӀал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхӀу, Махьат, БенъяхӀу. 14Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагӀанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хӀума а, даздина долу совгӀаташ а дӀасадекъа дӀахӀоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кӀант волу левихо вара. 15Кхурин куьйга кӀел бара Ӏедан, Мин-Яман, ЮшаӀ, ШамӀа-ЯхӀу, Амар-ЯхӀу, Шахан-ЯхӀу. Динан дайн гӀаланашкахь тешаме хиларца гӀо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггӀург дӀа а доькъуш. 16ЦӀераш дӀаязйинчарна юкъахь болчу боьршачу нахах кхо шо а, цул сов а хан йолчарна дӀасадоькъура и хӀума – Везачу Элан цӀа чохь хӀора дийнахь, шайн дарже а, тобане а хьаьжжина, шайна тӀедиллина гӀуллакх деш болчарна. 17Шайн доьзалшка хьаьжжина, тептар тӀе дӀаязбина болчу динан дайшна а, ткъа шо а цул сов хан йолчу левихошна а, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка а, церан тобанашка а хьаьжжина, дӀадоькъура цара и хӀума. 18Иштта дӀадоькъура и хӀума цу тептар тӀе дӀаяздинчу, берриге а гуламна чудогӀуш долчу берашна а, зударшна а, кӀенташна а, йоӀаршна а. ХӀунда аьлча цара, цӀан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дӀакъастийнера, Цунна леррина гӀуллакх дархьама. 19АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай бехачу гӀаланийн гонахарчу дежийлашкахь Ӏаш болчу динан дайх лаьцна аьлча, цигахь цӀершца билгалбаьхна болу нах дӀахӀиттийра, динан дайн доьзалшна юкъара хӀора боьршачунна а, левихошна юкъара хӀора дӀаязвинчунна а и хӀума дӀадекъархьама.

20Иштта гӀуллакх дира Хьузакх-ЯхӀус берриге а ЯхӀуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхӀус. 21Шен Дела дага а лоцуш, Делан цӀенна лерина а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардарна а, ша дечу массо а хӀуманна тӀехь а, доггах гӀуллакх дора Хьузакх-ЯхӀус, цундела кхиамаш а хуьлура цуьнан.
Copyright information for CheCAC2012