‏ 2 Chronicles 32

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

(ТӀаьххьарнаш 18:13-37; 19:14-19, 35-37; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22; 37:8-38)

1Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхӀус дина гӀуллакхаш чекхдевлча, ЯхӀуд-махка чугӀоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧӀагӀйина гӀаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. 2Санхьариб, ЯхӀуд-махка чу а гӀоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан веана хилар шена гича, 3Хьузакх-ЯхӀус, шен баьччанех а, тӀеман хьаькамех а дага а ваьлла, гӀалин арахула долу хин хьостанаш дӀадукъар юкъадалийра. Цара и дан гӀо дира Хьузакх-ЯхӀуна. 4Дуккха а наха, гул а белла, кӀоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дӀадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хӀунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» 5ГӀала чӀагӀъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхӀус: доьхна долу пенаш а меттахӀиттийра, пенашна тӀехула бӀаьвнаш а хӀиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дӀахӀоттийра, Даудан гӀали чу йогӀуш йолу Милло цӀе йолу терхийн басенаш чӀагӀ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. 6Халкъана тӀехь тӀеман хьаькамаш хӀиттийра Хьузакх-ЯхӀус. ГӀалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тӀе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: 7«ЧӀагӀлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хӀунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. 8Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.

9Цул тӀаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхӀудхошна а тӀехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом беш вара. Цо шен хьаькамашка хӀара алийтира: 10«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гӀалахь виссал хьан бӀобулуш дерг хӀун ду те? 11Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кӀелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхӀус? 12ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагӀа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Ӏибадат а ма де, цунна тӀехь бен сагӀина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀадаьхна волу Хьузакх-ЯхӀу вац ткъа иза? 13Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кӀелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? 14Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кӀелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кӀелхьардохур дара шу? 15Ткъа хӀинца Хьузакх-ЯхӀуга шаьш иштта Ӏеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кӀелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».

16Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхӀуна а дуьхьал долу дешнаш. 17Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хӀара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дӀа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхӀун Деле а кӀелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». 18Пенан тӀехуленна тӀедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гӀала схьаяккхархьама, яхӀудхойн маттахь чӀоггӀа маьхьарий хьоькхура цара. 19Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.

20Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а, доӀа а дина, оцу гӀуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. 21ТӀаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а хӀаллакбира цо. Санхьариб, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цӀа чу ваьлча, цуьнан шен тӀаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.

22Иштта кӀелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхӀу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агӀор паргӀато а елира царна. 23ТӀаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгӀаташ а, яхӀудхойн паччахьна еза хӀуманаш а еара. Цул тӀаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхӀун сий.

Хьузакх-ЯхӀун цомгуш хилар а, товалар а

(ТӀаьххьарнаш 20:1-3, 12-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 38:1-3; 39:1-8)

24Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхӀус Везачу Эле доӀа дича, тамашийна билгало
Тамашийна билгало – цунах лаьцна кхин а дукха яздина ду «ТӀаьххьарнаш» цӀе йолчу тептар тӀехь (20:8-11).
ярца Цо жоп делира цунна.
25Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхӀус, хӀунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТӀаккха Дала цунна а, ЯхӀудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгӀазалла тӀеяийтира. 26Амма Хьузакх-ЯхӀу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгӀазалла ца йира царна.

Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан хьал

27Хьузакх-ЯхӀун дуккха а хьал а дара, иза чӀогӀа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тӀулгаш а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегӀаш а чуйохку гӀишлош кечйира цо. 28Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кӀа а, чагӀар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира. 29ГӀаланаш а дӀахӀиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхӀун, хӀунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна. 30Иштта, лакхахула дӀадоьду Гихьон-хи, дӀа а къевлина, иза Даудан гӀалин малхбузехьа агӀор охьадахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхӀун. 31ЯхӀуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхӀу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дӀа ца тесира Дала иза.

Хьузакх-ЯхӀун паччахьаллин чаккхе

(ТӀаьххьарнаш 20:20, 21)

32Хьузакх-ЯхӀух кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – Везачу Элана иза чӀогӀа тешаме хиларх лаьцна – дӀаяздина ду «Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна дуьхьалхӀоттийна сурт» цӀе йолчу а, «ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цӀе йолчу а тептарш тӀехь. 33Хьузакх-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шайн дайх дӀакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тӀехь дӀавоьллира иза. Иза велча, ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дӀаверзийра Хьузакх-ЯхӀу. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
Copyright information for CheCAC2012