‏ 2 Chronicles 33

ЯхӀудхойн паччахь Маннаш

(ТӀаьххьарнаш 21:1-9)

1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. 2 aВезачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо. 4 bВезачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. 5Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7 cШа харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а» 8Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса. 9Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.

Маннаша ша Далла хьалха лахвар

10Везачу Эло дӀаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугӀура. 11ТӀаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тӀеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тӀе. Цара, иза дӀа а лаьцна, мерӀуьргех чӀуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дӀавигира. 12Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. 13Маннаша Везачу Эле доӀа дича, Цо, дӀа а хезна, Маннашан доӀа тӀеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дӀахӀоттийра. ТӀаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх.

14Цул тӀаьхьа Маннаша Даудан гӀалин арахула болу пен юхаметтахӀоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Ӏинан тӀехула ЧӀерийн ков олучу меттехула а, Ӏупал-гӀалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахӀоттийра цо гӀалин пен. ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу массо а гӀаланашкахь тӀеман коьрта хьаькамаш дӀахӀиттийра цо. 15Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цӀа чу дӀахӀоттийна цӀу а дӀаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цӀа тӀехь лаьттачу ломахь а ша дӀахӀиттийна сагӀа доху кхерчаш дохийна, гӀалин арахьа дӀакхиссира цо. 16Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч ша хиллачу метте дӀа а хӀоттийна, цу тӀехь бертан а, баркаллин а сагӀанаш дехира Маннаша. ЯхӀудхошна цо тӀедиллира, Исраилан Везачу Далла Ӏамал е аьлла. 17Халкъо кхидӀа а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь сагӀанаш даьхнехь а, и сагӀанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.

Маннаша динчу паччахьаллин чаккхе

(ТӀаьххьарнаш 21:17, 18)

18Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доӀанах а, Исраилан Везачу Делан цӀарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 19Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь. 20Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀахь дӀавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.

ЯхӀудхойн паччахь Амин

(ТӀаьххьарнаш 21:19-26)

21Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 22Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина. 23Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.

24Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра. 25Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.
Copyright information for CheCAC2012