2 Chronicles 36
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз
(ТӀаьххьарнаш 23:30-35)
1ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра. 2ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. 3Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхӀу-Ахьаз дӀаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирӀуно гӀуда далар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Иза дара ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а. 4 aТӀаккха ЯхӀу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра. Ткъа Элъякъиман цӀе пирӀуно хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дӀа а лаьцна, Мисар-махка дӀавигира Нахус.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Якхам
(ТӀаьххьарнаш 23:36–24:7)
5 bЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. 6 cНабухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама. 7Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш. 8ЯхӀу-Якхама динчу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дегаза долчу хӀуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь. ЯхӀу-Якхаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Яхин
(ТӀаьххьарнаш 24:8-17)
9ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттаххьий, итт дийнаххьий паччахьалла дира. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора ЯхӀу-Яхина. 10 dКерла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 24:18-20; Ярми-ЯхӀу 52:1-3)
11 eЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. 12ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.Ярушалайман йожар
(ТӀаьххьарнаш 25:1-21; Ярми-ЯхӀу 52:3-11)
13 fДелан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. 14Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тӀехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гӀуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь даздина долу Цуьнан цӀа сийсаз а дора цара. 15Шен халкъах а, Шен хӀусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тӀе. 16Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш. 17 gВезачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо. 19 hХашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара. 20Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира. 21 iИ дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.Къуреш-паччахьо яхӀудхой юхаберзабе аьлла тӀедиллар
(Ӏезар 1:1-4)
22Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а: 23 j«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гӀойла».
Copyright information for
CheCAC2012