a Арадаккхар 27:1, 2.
bАрадаккхар 30:17-21.
c Арадаккхар 25:31-40.
dАрадаккхар 25:23-30.

‏ 2 Chronicles 4

Везачу Элан цӀа чохь лело йина хӀуманаш

(Сулим 7:23-51)

1 aИштта Сулим-паччахьо сагӀа даккха лерина болу цӀестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара. 2Лалийначу цӀастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 3ЦӀастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кӀел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггӀара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. 4И яй цӀастанах бинчу шийтта старана тӀехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тӀехьенаш ена кӀел, юккъехьа, ерзийна яра. 5Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура. 6 bИштта цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀоттаяйтира, цу чохь дагоран сагӀина деана дийнатийн дакъош цӀандархьама. Ткъа цӀестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цӀанбалархьама.

7 cХила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цӀа чу биллийтира: пхиъ – къилбехьа агӀор, важа пхиъ – къилбаседехьа агӀор. 8 dДалла лерина долу бепиг тӀедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цӀа чохь пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бӀе кад а байтира.

9Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш. 10Чохь хи долу и боккха цӀестан яй Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьара агӀор дӀахӀоттабайтинера Сулима.

11Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш: 12ши бӀогӀам а,
царна гонах таьжнийн ши го а,
оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.
14КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
16тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо.

Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус
Хьирам-Аби-ЯхӀу – иза Хьираман кхин цӀе ю.
Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера.

17И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь. 18И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора.

19Иштта Делан цӀа чохь оьшур йолу массо а хӀума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тӀедуьллу стоьлаш а, 20церан къуьданашца болу а, цӀеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тӀедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора), 21зезагийн суьрташ а, чӀурам хӀотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хӀума а цӀеначу деших йинера), цӀеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш а. Делан цӀийнан неӀарш (уггар езачу чоьнан чуьра неӀарш а, Делан цӀийнан важа неӀарш а) деших йинера.22

Copyright information for CheCAC2012