‏ 2 Chronicles 9

Шеба-махкара зуда-паччахь

(Сулим 10:1-13)

1 aШеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цӀе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тӀехь доьттина деана хаза хьожа йогӀучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тӀулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 2Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. 3Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а. 4Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера.

5Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 6Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. 7Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 8Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».

9Сулим-паччахьна ши бӀе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогӀучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогӀу хӀуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера.

10Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а деанера. 11Оцу цӀечу дечигах Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀейоьду тӀегӀанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхӀуд-махкахь хӀетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг.

12Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

Сулим-паччахьан хьал

(Сулим 10:14-25)

13Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 14Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. 15ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал
Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.
туьйсина деши дахнера.
16Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана кхо бӀе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

17Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 18Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантаца хоьттина йина дашо когийн кӀело яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голахӀотторгаш яра, царна хӀоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. 19Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.

20Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 21Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хӀордахоша леладора и кеманаш. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.

22Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 24ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.

25 cЙиъ эзар
Грекийн гочдар тӀехь: Йиъ эзар. Ӏебархойн тептар тӀехь: шовзткъа эзар.
гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин
Шийтта эзар дин – я иштта: шийтта эзар дошло.
а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш.
26 fЭпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо. 27Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28 gМисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.

Сулим-паччахьан дӀакхалхар

(Сулим 11:41-43)

29Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а. 30Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 31ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.
Copyright information for CheCAC2012