‏ 2 Chronicles 11:1-4

ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам

(Сулим 12:21-24)

1РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 2ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира: 3«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала: 4„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира.
Copyright information for CheCAC2012