‏ 2 Chronicles 17

ЯхӀушапти паччахь дӀахӀоттор

1Асин метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀушапти. Иза исраилхошна дуьхьал чӀагӀвелла дӀахӀоьттира. 2ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйина дӀахӀоттийначу ерриге а гӀаланашкахь эскарш дӀахӀиттийра цо. Иштта ЯхӀуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гӀаланашкахь а эскаран тобанаш дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис. 3Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхӀушапти БаӀалан цӀушна тӀаьхьа ца хӀоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара. 4ЯхӀушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара. 5Везачу Эло ЯхӀушаптин карахь йолу пачхьалкх чӀагӀйира. ЯхӀудхоша массара а ЯхӀушаптина совгӀаташ кхоьхьура. Цуьнан дуккха а хьал а дара, сийлалла а лакхаделира. 6Везачу Элан некъахула лела даггара тӀевирзина вара ЯхӀушапти. ЯхӀуд-махкара сагӀа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а дӀадехира цо.

7Ша паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Ӏабди-ЯхӀу, Закри-ЯхӀу, Натунаил, Мика-ЯхӀу яхӀудхойн гӀаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхӀушаптис. 8Цаьрца цхьаьна хӀара левихой бахийтира цо: ШамӀа-ЯхӀу, Натан-ЯхӀу, Забди-ЯхӀу, ӀасахӀал, Шамирамути, ЯхӀуната, Адан-ЯхӀу, ТӀуби-ЯхӀу, ТӀуба-Адан-ЯхӀу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаӀ а, Йорам а вахийтира ЯхӀушаптис цаьрца. 9Везачу Элан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхӀуд-махкахь. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара.

ЯхӀушапти-паччахьан нуьцкъалалла

10ЯхӀушаптина дуьхьал тӀом ца бечу ЯхӀуд-махкана гонахарчу пачхьалкхашна тӀехь Везачу Элан кхерам бара. 11ПӀелаштамхошкара совгӀаташ а, йолана дети а дахьара ЯхӀушаптина. Ӏаьрбихоша жа даладора цунна: ворхӀ эзар ворхӀ бӀе уьстагӀ а, ворхӀ эзар ворхӀ бӀе бож а. 12ЯхӀушаптин хьал алсамдолуш дара. ЯхӀуд-махкахула цо гӀепаш а, тӀаьхьалонна долу хӀума дӀадуьллу гӀаланаш а йира. 13ТӀаьхьалонна дӀадиллина дуккха а хӀума дара ЯхӀушаптин яхӀудхойн гӀаланашкахь. Ткъа Ярушалаймехь доьналла долу дуккха а тӀемалой а бара цуьнан. 14Иштта ю тӀемалойн тобанаш, церан доьзалшка хьаьжжина. ЯхӀудан тайпанарчу эзар тӀемалочунна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш хилла: хьаькам волу Ӏадани а, цуьнан кхо бӀе эзар майра тӀемало а; 15хьаькам волу ЯхӀу-Хьана а, цуьнан ши бӀе везткъа эзар тӀемало а; 16хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тӀеман гӀуллакхна къобалдина волу а Зикрин кӀант Ӏамси-ЯхӀу а, цуьнан ши бӀе эзар майра тӀемало а. 17Бен-Яманан тайпанара хьаькамаш хӀорш хилла: майра тӀемало волу ЭлидаӀ а, шайн карахь секхаӀедаш а, каралоцу турсаш а долу цуьнан ши бӀе эзар тӀемало а; 18хьаькам волу ЯхӀу-Забди а, карахь герз лелош волу цуьнан цхьа бӀе везткъа эзар тӀемало а. 19Уьш бара Ярушалайм-гӀалахь паччахьна гӀуллакх до тӀемалой. Берриге а ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу гӀаланашкахь паччахьо дӀахӀиттийна хиллачу тӀемалойл сов бара уьш.
Copyright information for CheCAC2012