fАрадаккхар 14:13, 14.
2 Chronicles 20
Муабахошца болу тӀом
1Цул тӀаьхьа муабахой а, Ӏамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маӀунхой ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Ӏамминхой. Грекийн гочдар тӀехь: маӀунхой.
а ЯхӀушаптина тӀамца чугӀоьртира. 2Цхьаболчу геланчаша, схьа а баьхкина, ЯхӀушаптига хаам бира: «Дуьрачу хӀордан дехьара Эдом-махкара ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Арам-махкара. Грекийн гочдар тӀехь: Эдом-махкара.
хьуна дуьхьалдаьлла догӀуш вуно доккха эскар ду. Хьаццон-Тамарехь бу уьш хӀинцале а», – аьлла. (И меттиг кхечу тайпана Ӏейн-ГӀади олуш ю.) 3Са бӀарз а делла, ЯхӀушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхӀуд-махкахь марха кхаба дезар дӀахьедира цо халкъе. 4ЯхӀудхой Везачу Эле гӀо деха схьагулбелира. ЯхӀуд-махкарчу ерриге а гӀаланашкара баьхкира уьш, Везачу Эле шайна гӀо дар дехархьама. 5Везачу Элан цӀийнан хьалха керлачу кертахь яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а гуламехь, дӀа а хӀоьттина, 6ЯхӀушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тӀехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чӀагӀо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! 7 cТхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагӀа волчу ИбрахӀиман хӀуна гуттаренна а дӀа а луш? 8Ткъа уьш цигахь баха хевшира. Хьуна лерина деза цӀа а дина, цара бохура: 9„Нагахь санна тхуна тӀе цхьа бохам хӀоттахь: хуьлийла иза я таӀзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тӀаккха тхо хӀокху цӀенна хьалха Хьуна хьалха дӀахӀуьттур ду, хӀунда аьлча Хьан цӀе кху цӀа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дӀа а хезна, кӀелхьардохур ду“. 10 dХӀинца Ӏамминхой а, муабахой а, СеӀир-ломара бахархой а тхуна тӀелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогӀучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дӀа а бирзина, и халкъаш хӀаллакдаза дитинера. 11Ткъа хӀинца уьш тхуна бекхам беш бу, Ахьа тхан дола схьаделлачу лаьтта тӀера тхо дӀалахка а баьхкина. 12Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХӀунда аьлча тхуна тӀегӀоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хӀун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бӀаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!» 13Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхӀудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а. 14Цу хенахь Матан-ЯхӀун кӀант волчу ЯӀиалан кӀентан БенъяхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀун кӀантана Яхьазиална тӀе гуламна юккъехь Везачу Элан Са доьссира. Яхьазиал Асайпан тӀаьхьенах волу левихо вара. 15 eЦо элира: «Массо а яхӀудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхӀушапти-паччахь, ладогӀалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хӀунда аьлча и тӀом шун бац, иза Делан тӀом бу. 16Шу кхана царна дуьхьал дӀагӀо. Уьш Циц-Ӏинехула хьалабевр бу. ТогӀина йистехь Яруал цӀе йолчу яьссачу аренга дӀакхоччуш карор бу шуна уьш“. 17 fТкъа хӀинца аша бан ца беза и тӀом. Шу, дӀа а хӀиттий, хьоьжуш Ӏе шайна Везачу Элера хир долчу кӀелхьардовларе. ЯхӀудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву». 18ТӀаккха ЯхӀушаптис лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра. Иштта берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а Везачу Элана хьалха охьатаьӀира, Цунна Ӏибадат дархьама. 19КхахӀатхойн а, кхорахьахойн а, тӀаьхьенех болчу левихоша, хьала а гӀевттина, дикка аз а айдина, Исраилан Дела волчу Везачу Элана хастамаш бира. 20Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, уьш ТакхоӀ-гӀалина уллохь йолчу яьссачу аренга дӀабуьйлабелира. Уьш дӀабоьлхучу хенахь, ЯхӀушаптис, дӀа а хӀоьттина, элира: «ЯхӀудхой, ярушалаймхой, ладогӀалаш соьга! Шайн Везачу Делах тешна хила – шу чӀагӀдийр ду! Цуьнан пайхамарех теша, тӀаккха кхиамаш хир бу шун». 21Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дӀахӀиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тӀехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!» 22Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхӀудхошна тӀегӀорта баьхкинчу Ӏамминхошна а, муабахошна а, СеӀир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кӀело йийраш дӀахӀиттийра. Уьш ийшира. 23Ӏамминхой а, муабахой а СеӀир-ломарчу бахархошна чугӀоьртира, уьш байина дӀабахархьама. Шаьш СеӀир-ломара бахархой хӀаллакбина бевлча, цара вовшийн байира. 24Яьссачу аренгара гунаш тӀе а бевлла, оцу вуно дукха долчу эскаре дӀахьаьжча, яхӀудхошна гира лаьттахь Ӏохку декъий, шайна юкъара цхьа а кӀелхьарваьлларг а воцуш. 25ЯхӀушапти а, цуьнан эскар а хӀонс схьаэца дахара. Царна дуккха а хьал, духар, еза хӀуманаш карийра цигахь. И хӀуманаш вуно дукха хиларна, дӀа а ца яхьалора цаьрга уьш. Кхаа дийнахь дӀагулйира цара и хӀонс, оццул дукха хиллера иза! 26Ткъа доьалгӀачу дийнахь Бархи-тогӀи чохь гулбелира уьш, хӀунда аьлча цигахь Веза Эла декъалвира цара. Цундела оцу меттигах хӀинца а олу «Бархи-тогӀи» (иза «декъалваран тогӀи» бохург ду). 27Берриге а яхӀудхой а, ярушалаймхой а, шайн коьртехь ЯхӀушапти а волуш, самукъадаларца Ярушалайме юхабирзира, хӀунда аьлча Везачу Эло церан мостагӀашна тӀехь толам баккхар нисдира царна. 28Тайп-тайпана дечиг-пондарш а, турбанаш а лоькхуш Ярушалайме Везачу Элан цӀенна тӀе баьхкира уьш. 29Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тӀе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагӀашна дуьхьал тӀом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча. 30ЯхӀушаптин пачхьалкх къепе хилла дӀахӀоьттира, Дала массо а агӀор паргӀато а елира цунна. ЯхӀушаптин паччахьаллин чаккхе
(Сулим 22:41-50)
31Иштта ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дира ЯхӀушаптис. ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 32ЯхӀушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. 33Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара. Халкъо хӀинца а шен дог кхоччуш тӀе ца дерзийнера шайн дайн Далла. 34ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду Хьананин кӀант волчу ЯхӀун дӀаяздинарш тӀехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина. 35Амма цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис Ӏеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесира. 36Таршаш-махка дахийта хӀордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхӀуца барт бира ЯхӀушаптис. Цара Ӏецйон-ГӀебарехь хӀордкеманаш дира. Цу хенахь Мареша-гӀаларчу Дода-ВахӀун кӀанта ЭлиӀазара ЯхӀушаптига Делера болу хаам бира: «Ахьа Ахьаз-ЯхӀуца доттагӀалла тесна дела, ахь кхоьллинарг Везачу Эло дохор ду», – аьлла. ТӀаккха хӀордкеманаш, доха а доьхна, Таршаше ца дахаделира.37
Copyright information for
CheCAC2012