2 Chronicles 22:1-6
ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 8:25-29; 9:21-28)
1Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира. 2Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо ▼▼Грекийн гочдар тӀехь: ткъе ши шо. Ӏебархойн тептар тӀехь: шовзткъе ши шо. ДӀадеша тептар «ТӀаьххьарнаш» 8:26.
дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн Ӏумари-паччахьан кӀентан йоӀ яра. 3Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна. 4Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла. 5Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 6Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Ӏазар-ЯхӀу. Грекийн гочдар тӀехь: Ахьаз-ЯхӀу.
а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
Copyright information for
CheCAC2012