‏ 2 Chronicles 29

ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 18:1-3)

1Паччахь дӀахӀуттучу хенахь Хьузакх-ЯхӀун
Ӏебархойн тептар тӀехь: Яхьизакх-ЯхӀу. Иза «Хьузакх-ЯхӀун» кхин цӀе ю.
ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра.
2Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.

Везачу Элан цӀа цӀандар

3Ша паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шеран хьалхарчу баттахь Хьузакх-ЯхӀус, Везачу Элан цӀийнан неӀарш дӀа а йиллина, уьш тояйтира. 4Левихой а, динан дай а шена тӀебахкар тӀедиллира Хьузакх-ЯхӀус. Уьш Делан цӀенна малхбалехь йолчу майданахь схьагулбира цо. 5Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогӀалаш соьга! ХӀинца шаьш а Далла гергахь цӀанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цӀа а цӀанде. Цу цӀенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хӀума аракхосса. 6Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хӀуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дӀа а тесна, Везачу Элан цӀийнах дӀа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. 7Цара Везачу Элан цӀийнан ученна чу волу неӀ а дӀакъевлира, къуьданаш а дӀабойура. Иштта хаза хьожа йогӀу хӀума а ца ягайора, дезачу цӀа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагӀа а ца доккхура цара. 8ТӀаккха Веза Эла оьгӀазвахара ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Ӏада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хӀума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. 9Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кӀентий а, йоӀарий а, зударий а хӀинца хийрачу махкахь йийсарехь бу.

10ХӀинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чӀогӀа йолу дералла вайна тӀера дӀаяккхийтархьама. 11Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гӀуллакх дайтархьама а, шу Шена гӀуллакх дийраш а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягораш а хилийтархьама а».

12ТӀаккха хӀара левихой гӀуллакхаш кхочушдан хӀиттира: КхахӀатан тӀаьхьенах волу Ӏамсайн кӀант Махьат а, Ӏазар-ЯхӀун кӀант Юал а;
Мерарин тӀаьхьенах волу Ӏабдин кӀант Къуша а, ЯхӀалал-Элан кӀант Ӏазар-ЯхӀу а;
ГӀиршанан тӀаьхьенах волу Замин кӀант Юахьи а, Юахьин кӀант Ӏедан а;
13Эли-Цапанан тӀаьхьенах волу Шимра а, ЯӀиал а;
Асайпан тӀаьхьенах волу Закри-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а;
14ХӀайманан тӀаьхьенах волу Яхьиал а, ШамаӀи а;
Ядутунан тӀаьхьенах волу ШамӀа-ЯхӀу а, Ӏузиал а.

15Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цӀано йира. ТӀаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цӀа цӀан а деш, даздан бахара уьш. 16Цара Везачу Элан цӀа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хӀума цӀийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогӀи чу дӀакхиссархьама, дӀаийцира.

17Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара Везачу Элан керт язъян йолийра. Цу беттан борхӀалгӀачу дийнахь уьш Везачу Элан цӀийнан ученна тӀекхечира. Кхин а бархӀ дийнахь Далла хьалха даздира цара Везачу Элан цӀа. Оцу хьалхарчу беттан ялхитталгӀачу дийнахь цара и гӀуллакх чекхдаьккхира.

Везачу Элан цӀа юха а Делан кара дӀадалар

18ТӀаккха, Хьузакх-ЯхӀун цӀа а баьхкина, цара элира: «Оха Везачу Элан цӀа а цӀандина, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цӀанбина, цуьнца йоьзна йолу ерриге пхьегӀаш а цӀанйина. Иштта даздина долу бепиг тӀедуьллу стол а, цуьнца йоьзна йолу пхьегӀаш а цӀанйина. 19Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дӀаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегӀаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀиттийна».

20ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цӀенна тӀе вахара Хьузакх-ЯхӀу-паччахь. 21Цара ворхӀ старгӀа а, ворхӀ уьстагӀ а, ворхӀ боьрша Ӏахар а, ворхӀ бож а еара пачхьалкхан къиношна тӀера а, Везачу Элан цӀийнан езачу чоьнна тӀера а, ЯхӀудан халкъана тӀера а. АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна тӀедиллира паччахьо и дийнаташ сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана тӀехь дагор. 22Динан дайша, старгӀанашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Цул тӀаьхьа цара, уьстагӀашна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира. Иштта Ӏахаршна урс а хьаькхна, церан цӀийн цинцаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀетуьйхира цара. 23ТӀаккха, къиношна тӀера урс хьакха ялийна йолу бежалой паччахьна а, халкъан гуламна а хьалха дӀа а хӀиттийна, царна тӀе куьйгаш дехкира. 24Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дӀадахархьама, бежалойн цӀийн цинцаш туьйхира кхерча тӀе. ХӀунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа а, къинойх цӀандаларан сагӀа а даккха аьлла.

25Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тӀедиллина ма-хиллара, – ткъа и тӀедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цӀастанан жима негӀарш а карахь долу левихой дӀахӀиттийра. 26Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гӀирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дӀахӀиттийча, 27Хьузакх-ЯхӀус омра дира, дагоран сагӀина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тӀе дахка аьлла. СагӀа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гӀирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра. 28Халкъан берриг а гуламо а Ӏибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаллалц. 29Дийнаташ дагоран сагӀа даккхар чекхдаьлча, паччахьо а, цуьнца болчу массара а, суждане а бахана, Ӏибадат дира. 30Хьузакх-ЯхӀу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Ӏибадат а дора.

31Хьузакх-ЯхӀус, вист а хуьлуш, элира: «ХӀинца аша шаьш Везачу Элана лерина дӀакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цӀа долчу бертан а, баркаллин а сагӀанаш даладе». ТӀаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагӀанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хӀораммо а дагоран сагӀанаш даха дийнаташ даладора. 32Халкъан гуламо дагоран сагӀа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бӀе уьстагӀ, ши бӀе боьрша Ӏахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха далийнера. 33Кхин а ялх бӀе дийнат хьайбанийн юкъара а, кхо эзар – жен юкъара а далийнера бертан а, баркаллин а сагӀанашна. 34Ткъа динан дай кӀеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагӀина далийначу дерриг а дийнаташна тӀера цӀокарчий схьаяха. Цундела царна гӀо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цӀанбаллалц а, сагӀа доккху и гӀуллакх чекхдаллалц а гӀо дира цара. ХӀунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цӀанбарна тӀехь динан дайл а лерина лелара. 35Оцу дийнаташ дагоран сагӀина дахьаш долчу хӀуманна тӀекхетара боккхачу барамехь долу барт баран сагӀанийн мохь а, чагӀаран сагӀина дахьаш долу малар а.

Иштта меттахӀоттийра Везачу Элан цӀенца доьзна долу гӀуллакх дар.
36Хьузакх-ЯхӀу а, дерриг халкъ а чӀогӀа самукъадаьлла дара Дала Шен халкъана диначунна, хӀунда аьлча иза сихха кхочушхилира.
Copyright information for CheCAC2012