‏ 2 Chronicles 3:15-17

ЦӀестан ши бӀогӀам

(Сулим 7:15-22)

15Везачу Элан цӀенна хьалха цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттабайтира паччахьо. ХӀора бӀогӀаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бӀогӀаман буьххье дилла цӀастанах ши таж доьттира. Церан хӀораннан а лакхалла пхиппа дол яра. 16Юьйцина зӀенаш а яйтира цо, уьш шина бӀогӀамна тӀе а йохкуьйтуш. Царна тӀе, куц а доккхуш, наран цхьа бӀе стоьман сурт диллийтира. 17ТӀаккха и бӀогӀамаш Везачу Элан цӀенна хьалха дӀахӀиттабайтира: цхьа бӀогӀам аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. Аьтту агӀор дӀахӀоттийначунна, «Якин» аьлла, цӀе тиллира (иза «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Аьрру агӀор дӀахӀоттийначух «БоӀаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).
Copyright information for CheCAC2012