‏ 2 Chronicles 33:21-25

ЯхӀудхойн паччахь Амин

(ТӀаьххьарнаш 21:19-26)

21Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 22Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина. 23Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.

24Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра. 25Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.
Copyright information for CheCAC2012