2 Chronicles 34:3-7
Юши-ЯхӀус бина хийцамаш
3Паччахьалла деш долу борхӀалгӀа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхӀу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а цӀанйира цо цигахь хиллачу халкъо Ӏибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гӀуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цӀуйх а. 4 aБаӀал-деланашна лерина йолу сагӀа доккху меттигаш а, царна тӀехула хӀиттийна хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а, кхиболу цӀуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цӀушна сагӀа даьккхинчеран къуббанаш тӀехула дӀасаяржийра цо. 5 bХарц динан дайн даьӀахкаш церан сагӀа доккху меттигашкахь яга а йина, цӀанбира Юши-ЯхӀус ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а. 6Изза дира Юши-ЯхӀус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимӀа-мехкан а гӀаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тӀекхаччалц. 7Берриг а Исраил-махкахула йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дохийна дӀадехира, цӀуйх а чан йира, хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохийра Юши-ЯхӀус. ТӀаккха иза Ярушалайме юхавирзира.
Copyright information for
CheCAC2012