2 Chronicles 36:10-13
10 aКерла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 24:18-20; Ярми-ЯхӀу 52:1-3)
11 bЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. 12ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.Ярушалайман йожар
(ТӀаьххьарнаш 25:1-21; Ярми-ЯхӀу 52:3-11)
13 cДелан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.
Copyright information for
CheCAC2012