2 Chronicles 4:2-5
2Лалийначу цӀастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 3ЦӀастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кӀел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггӀара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. 4И яй цӀастанах бинчу шийтта старана тӀехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тӀехьенаш ена кӀел, юккъехьа, ерзийна яра. 5Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура.
Copyright information for
CheCAC2012