eАрадаккхар 40:34, 35.
2 Chronicles 5
1 aИштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.Бертан тӀорказ Делан цӀа чу диллар
(Сулим 8:1-9)
2 bТӀаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тӀекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама. 3Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь ▼▼Дезачу деношкахь – схьахетарехь, адамаш кхалораш чохь Ӏаш долу деза денош ду уьш.
дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 4Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тӀорказ схьаийцира. 5Бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 6Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тӀорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 7Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а деана, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел, охьадиллира. 8Оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан схьалоцу гӀуркхаш а цара дӀахьулдора. 9И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю. 10 dОцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа. Везачу Элан сийлалла
11Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цӀанбинера. 12Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а – тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. 13 eТурба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву!Цуьнан безам хедар боцуш бу!»
Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира. 14И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гӀуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цӀа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.
Copyright information for
CheCAC2012