eЗабур 131:8-10.
2 Chronicles 6
Сулим-паччахь халкъе вистхилар
(Сулим 8:12-21)
1ТӀаккха Сулима элира: «Везачу Эло Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера.2Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».
3Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. 4 aТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 5„Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хилийта. 6Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“. 7Сан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 8Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 9Амма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“. 10Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 11Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш шена чохь Ӏуьллу тӀорказ цу цӀа чу охьадиллина аса».
Сулима дина доӀа
(Сулим 8:22-53)
12ТӀаккха, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира. 13Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цӀестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тӀе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. 14Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьахӀиттинчу Хьайн лешна. 15Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 16 bТкъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 17Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Веза Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош. 18 cАмма бакъдерг аьлча, Делан Ӏойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀоттийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац. 19Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчу сан дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а. 20 dАхьа Хьайн цӀе кху чохь хир ю аьллачу хӀокху цӀенна тӀе боьгӀна хуьлийла Хьан бӀаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 21ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀанаш а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна. 22Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 23ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа, дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг жоьпе а озош, цаьргара даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларе терра цунна доггӀург а деш. 24Масала, Хьан Исраилан халкъ Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 25стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха царна а, церан дайшна а делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа. 26Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло. 27ТӀаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна деллачу хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа даийтахьа. 28Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀий тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 29тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шен лазарш а гина, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь, 30доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалахь, церан доӀа дӀа а хазий, царна геч а дехьа, гӀо а дехьа. ХӀора стагана а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалохьа, хӀунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. 31Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха. 32Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш а догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а, Хьан схьакховдийначу куьйгах лаьцна а. Уьш а богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан. 33ТӀаккха, доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара дерриг а халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар. 34Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьоьга доӀанаш дахь, 35доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш. 36Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш. 37Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 38Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь, 39ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа. 40Сан Дела! Хьан бӀаьргаш а хуьлийла дӀабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доӀанашна. 41 eТкъа хӀинца, Веза Дела, Хьо Ӏийр волчу метте дӀахӀоттахьа – Хьо а, Хьан нуьцкъалаллин тӀорказ а. Хьан динан дай кӀелхьарбахар, духар санна, тӀедуьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш Хьан диканах баккхийбеш хуьлийла. 42Веза Дела! Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа. Дагадаийтахьа Хьайн лай волчу Даудана Ахьа Хьайн безам кховдийна хилар».
Copyright information for
CheCAC2012