2 Chronicles 9:29-31
Сулим-паччахьан дӀакхалхар
(Сулим 11:41-43)
29Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а. 30Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 31ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.
Copyright information for
CheCAC2012