2 Corinthians 10
ПахӀала шен динан гӀуллакх лардар
1Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахӀала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу. 2Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тӀех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тӀех йолу майралла гайта ваьхьар ву со. 3ХӀунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тӀемаш ца бо. 4Тхайн тӀемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гӀепаш хӀаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, 5Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама. 6Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтӀахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хӀуманна а таӀзар дан. 7Ткъа гӀуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла. 8Нагахь аса, шун гӀуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тӀаккха а юьхьӀаьржачу хӀуттур вацара со. 9Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гӀерта аьлла. 10ХӀунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьӀна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгӀаза ву, цо до къамел дегаза а ду». 11И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тӀехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла. 12Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хӀуьттуш, шайн сонталла гойту. 13Дала тхуна билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гӀуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. 14Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тӀех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дӀа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. 15Дала тхайна деллачу дозанал тӀех а девлла, тхаьш дина доцучу гӀуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чӀагӀ а луш, Дала тхаьшна тӀедиллинчул тӀех а ца довлуш, кхин а дуккха а гӀуллакхаш шуна юкъахь дан. 16ТӀаккха шу долчохь кхайкхийна ца Ӏаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гӀуллакхех дозалла дийр дац оха. 17 aЙозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». 18ХӀунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.
Copyright information for
CheCAC2012