2 Corinthians 11
Харцвекалш
1Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна! 2Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна. 3 aАмма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. 4ХӀунда аьлча аша самукъадаларца тӀеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Ӏийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тӀеоьцу аша! 5ХӀунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш ца хета суна. 6Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тӀехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хӀуманна тӀехь шу тешийна. 7Хаза кхаъ айса шуна дӀакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? 8Шуна гӀуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш. 9 bШу долчохь тхо долуш, цхьацца хӀуманна тӀехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХӀунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хӀуманна тӀехь шуна сайх бала ца бан гӀиртира со, хӀинца чул тӀаьхьа гӀертар а ву. 10Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чӀагӀо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дӀадоккхур дац аьлла. 11ХӀун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза! 12Амма хӀинццалц леллачу тайпана кхидӀа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта. 13ХӀунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гӀуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. 14Иза инзарвала хӀума дац, хӀунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. 15Цундела доккха хӀума а дац, нагахь цуьнан гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттинчара шаьш Делан лаамна гӀуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гӀуллакхашка хьаьжжина хир ю.Векал волчу ПахӀала хьегна баланаш
16Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тӀеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта. 17Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Ӏаш волчу сонтачо санна дуьйцу. 18Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла. 19ХӀунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна. 20Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тӀе йиттича а. 21Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гӀуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хӀуманна тӀехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан. 22Уьш Ӏебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахӀиман хӀух буй? Со а ву. 23 cУьш Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Ӏожаллин кхерамехь хуьлура со. 24 dЯхӀудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хӀоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. 25 eКхузза гӀожмаш йиттина суна. Цкъа тӀе тӀулгаш кхиссина суна. Со тӀехь а волуш, хӀордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хӀорда чохь а даьккхира. 26 fМосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТӀедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГӀалахь а, яьссачу аренгахь а, хӀорда тӀехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара кхерамаш лайна аса. 27Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тӀеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. 28Кхузахь хьахийна хӀуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Ӏаткъам кхочу суна. 29Мила ву гӀело хьоьгуш, аса а шеца гӀело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш? 30Айса дозалла дан дезахь, сайн гӀорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. 31Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла. 32 gСо Дамасакхехь волчу хенахь, ХӀарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гӀалин Ӏуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кӀелхьарвелира со цуьнан карара.
Copyright information for
CheCAC2012