2 Corinthians 12
Дала ПахӀална хӀиттийна суьрташ а, дӀаделладаларш а
1КхидӀа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хӀиттийначу суьртех а, дӀадиллинчу хӀуманех а лаьцна дуьйцур ду аса. 2Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла. 3И стаг, (дегӀаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен) 4ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац. 5Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гӀорасизаллех доцург. 6Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама. 7Делера долу даккхий дӀаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегӀах цхьа кӀохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! 8Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кӀохцал сох дӀакъастаде аьлла. 9Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хӀунда аьлча Сан ницкъ хьан гӀорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гӀорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. 10Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.ПахӀала коринтхойн гӀайгӀа бар
11Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хӀунда аьлча со хӀумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хӀуманна тӀехь а оьшуш вац. 12Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гӀуллакхаш а, инзаре хӀуманаш а, нуьцкъала гӀуллакхаш а дора. 13Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хӀун вон хилира со? Оцу бехкана къинтӀерадовлалаш суна. 14ХӀинца кхозлагӀа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хӀумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. 15Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дӀалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагӀлур буй те? 16Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хӀума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хӀилланашца а шуьгара схьаяьккхина. 17ТӀаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? 18Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хӀумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо? 19Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хӀинца а? ХӀан-хӀа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чӀагӀдархьама деш ду. 20Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагӀ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар. 21Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.
Copyright information for
CheCAC2012