‏ 2 Corinthians 13

Хьехамашший, маршаллашший

1 aСо кхозлагӀа а вогӀу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац». 2Со шозлагӀа веанчу хенахь, аса дӀахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хӀинца, со шу долчу дӀавале, ас кхин цкъа а дӀахоуьйту цаьрга: со юха дӀавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. 3Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гӀорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту. 4ХӀунда аьлча Иза гӀорасизниг санна жӀарах дӀатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гӀорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна.

5Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Ӏийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу? 6Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву. 7Оха Деле доӀанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху. 8ХӀунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гӀоле хӀума дан ницкъ болуш ду. 9Тхо гӀорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доӀанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. 10Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хӀаллакдан а доцуш, синца чӀагӀдарна деллачу олаллица со шуьца тӀех буьрса ца хилийтархьама.

11Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гӀерталаш, сан кхайкхамашка ладогӀалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Ӏелаш. ТӀаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву.

12Доггах
Доггах – ма-дарра аьлча: Беза барт баккхарца...
вовшашка маршаллаш хатта.

Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга.

13Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тӀекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а. 14
Copyright information for CheCAC2012