2 Corinthians 2
1Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогӀуш, юха а шун дог дохош ца ван. 2ХӀунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? 3Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. 4Аса боккхачу дегалазамца, дегаӀаткъамца, дуккха а долу сайн бӀаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тӀех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза.Вовшашна къинтӀерадовла дезар
5Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тӀех луьра ца олуш дитича. 6Дукхахболчара дина таӀзар тоьар ду иштта волчунна. 7Цундела шуна гӀолехь ду, хӀинца цунна къинтӀера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гӀайгӀане ца вахийта. 8Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар. 9Иза аса яздинера, шу зийначул тӀаьхьа, шу массо а хӀуманна тӀехь соьга ладугӀуш дуй те хьажархьама. 10Шу къинтӀера девллачунна со а ваьлла, хӀунда аьлча со хӀуманна къинтӀера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха, 11иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тӀехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу.Троя-гӀалахь ПахӀалан синтем бар
12 aДала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дӀакхайкхо Троя-гӀала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неӀ дӀайиллира. 13Амма со синтем байна вара, хӀунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Ӏодика а йина, со Македоне вахара.Дала леррина Къобалвинчуьнгахула толам баккхар
14Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тӀехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дӀасаяржайо Цо. 15КӀелхьарбовларан некъа тӀе бевллачарна а, хӀаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду вай. 16ХӀаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Ӏожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кӀелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? 17Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цӀарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш.
Copyright information for
CheCAC2012